ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Байинчу жаIуйн дас а, журналистан Гаджиевн агIончаша а цхьаьна дIаяьхьина протестан акци


Гасангусенов Муртазали
Гасангусенов Муртазали

ХIинжа-ГIалин центрехь протестан акци дIаяьхьина мехкан лаьмнашкахь Iедалхоша вийначу шина вешин ГасангусейновгIеран дас а, Шемарчу тIемалошна ахча гулдарна бехкевечу журналистан Гаджиевн агIончаша а.

Акцин декъашхой лаьттира Дагестанан Iедалан цIенна хьалха, карахь кеп-кепара лозунгаш а йолуш. Журналистна дуьхьал айдина дов бух боцуш ду, иза дIакъовла деза, аьлла хета пикетхошна. Шен бераш дайинчу Iедалхошна таIзар даре догдоху пикете ваьллачу Гасангусейнов Муртазалис а.

Акци маьIна долуш чекхъяьлла, шаьш жамIанна реза ду, элира «Кавказ.Реалиин» корреспонденте пикетхоша.

"Оха юкъахь дIаяьхьина акци пайдехьа йирзира. Цхьаъ делахь – мехкан Iедалхойн бIаьргашна хьалха гулделира тхо протест кхайкхо, шиъ делахь – тхо а гуш, дехьа-сехьа валар нисделира Халкъан Кхеташонан куьйгалхочун Шихсаидов Хизрин. Цо хаьттира пикетехь лаьттачу Агаев Майрбеке, муха толлуш ду аьлла хета цунна Гаджиевн дов. Гасангусейновна дуьхьалвеара оцу хенахь администрацин векал, хьаькамашца къамелдан дIаязван вигира иза», - дийцира «Черновик» газетин журналиста Магомедов Мохьмада.

2019-чу шарахь, Шемарчу тIемалошна финансаш гулйина аьлла, лецира журналист Гаджиев Iабдулмумин.

2016-чу шарахь Шемалан кIоштахь лерина операци дIахьош полисхоша вийна ши ваша Наби а, Гасангусейн ГасангусейновгIар, шаьш байираш тIемалой бу аьлла а дерзош.

+

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG