Коронавирусах дешархой а, хьехархой а ларбеш, деношца сов а йохуш, хьалхатеттина, бIаьстенан каникулаш Нохчийчохь - кху беттан 17-чу денна тIера тIебогIучу беттан 25-гIачу дийне кхаччалц.
Оцу хьокъехь сацамбина Нохчийчоьнан дешаран министра Байсултанов Идриса тахана, дIакхаьчна и омра массо доьшийлашка.
МогIарчу хьелашкахь бIаьстенан каникулаш хуьлу Зазадоккху-беттан 2I-28-чу деношкахь, ца лаьтта кIиранах бен.