Оршоьтанна болчу хаамца, коронавирус хааелла Оьрсийчуьрчу 93 вхархочуьнца. Вице-премьера, COVID-19 уьнца къийсам латтон кхоьллинчу штабан куьйгалхочо Голикова Татьянас бина и хаам "Интерфаксе".
КIирандийнахь вирус кхеттачийн терахь дара 63. Цхьана дийнахь и терахь хьалакхиина, гуш ма-хиллара, 150 процентна.
Голикова Татьянас бахарехь, ун кхеттачех 86 стаг ву кху муьрехь дозанал арахь а хилла, Оьрсийчу юхакхаьчна. Вице-премьера бинчу хаамца, цомгуш хиллачех 4 стаг товелла.