ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа ХIирийчохь а хьовсийна бераш каникулашка


БIаьстенан каникулаш массех де хьалха йолош а, деношца совйохуш а ю Къилбаседа ХIирийчохь. Кхана юьйлаелла, уьш яхлур ю тIебогIучу беттан 28-чу дийнналц. Ишта бакъо къастийна доьшийлашна республикан дешаран министралло.

Коронавирусах бераш а, хьехархой а ларбархьама бина и сацам.

Берийн бошмаш къовлаза ю БурийтIехь а, мехкан кIошташкахь а, амма йовхарийн цамгарш кхетта бераш 20 процентал сов долчу бошмашна хьоьху Iедало карантин хIоттор.

Селхана сарахь Къилбаседа ХIирийчоьнан университетан куьйгалло а бина сацам дистанционан кепехь дешар дIадахьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG