ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлжа-ГIалин мэран даржехь тIечIагIвина Хаджимурадов Iиса


Хаджимурадов Iиса (юккъераниг)
Хаджимурадов Iиса (юккъераниг)

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен "Вконтакте" агIонтIехь хаамбо ша Хаджимурадов Iиса мехкан коьртачу шахьаран даржехь чIагIвеш хиларх лаьцна.

Кадыровс бахарехь, «Iиса Нажадиевич доккха зеделларг гулдина ву пачхьалкханна гIуллакхаш кхочушдарца», цо «ша гайтина хьекъал долуш а, эвсара говзанча а санна».

Стохка Соьлжа-ГIалин мэран гIовс вира Хаджимурадовх. Мэре вахале цо болх бира къоман политикан министраллехь арахьарчу зIенийн департаментан куьйгалхочун даржехь. Мехкан парламентан депутат лаьттина а, Iедалан администрацехь тайп-тайпана белхашкахь хилла а ву Хаджимурадов.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG