ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чехи. Карантин кхайкхийначул тIаьхьа


Материалан авторш "Настоящее Время" телепроектан корреспонденташ: Гребенюк Иван а, Маслова Юлия а, Купка Роман а

Кху беттан 16-чу буса дуьйнна йоллу Чехин пачхьалкхехь карантин кхайкхийна. Заздоккху-беттан 24-чу дийне кхаччалц дIаяхйийр ю иза. Меттигерчу бахархойн дIасалеларна доза тоьхна. "Цхьа цатррийла" хилча бен ара ма довла боху Iедалхоша.

Йиш ю балха а, туькана а, дарбан цIийне а, шен гергарчу нахе ваха а. Ишта магийна бераца, я шен жIалица арахь волавала а.

Оршотдийнахь хаам баьржира, коронавирус кхетта хиллачу кхаа стагна гIоле хилла аьлла.

Йоллу пачхьалкхехь карантин кхайкхийначул тIаьхьа Чехехь долчу хьолах лаьцна дуьйцу"Настоящее Время" телехьожийло.

Уггар а туристаш дукха лестачу Юккъерчу Европерчу гIаланех йолу Прага цIеххьана яссаелла. Туристашлахь гоьяьлла ю Вацлавн майда.
Къоман музейна тIера дIайолалуш и иза. Цигара дIа Шира гIала (Старый город) йолчу меттиге кхачаво. Дуьненахь а девза астрономин сахьт ду цигахь кхозуш. Иттаннашкхь ю туьканаш а, ресторанаш а, кафеш а. Карарчу заманчохь царех дукхахъерш къевлина ю.


Йилина ю молханаш а, юург а юхку туьканаш. Чувуллучохь дIатоьхна йозанаш ду: "Ялх стагал а сов стаг чохь хила йиш яц" аьлла.

Цхьайолчу кафейнийн а, ресторанийн долахошна некъаш карийна. Шайн напха даккха гIертачу цара юург а, молург а неIарийн бертехь юхкуш ю, чу а ца буьтуш. Кхузахь а билгалдаккха догIу. Къаьсттина мукъаденошкахь, Чехехь дечу, дуьненна а девза йий духкучу меттигашкахь иттаннашкахь нах гуллора. Оцу гуламех самукъадаккхар хуьлура. Карантинан низамашца догIуш дацара цу кепара лелар. Ткъа хIинца полицино шаьш терго латтор ю аьлла йий духкучу меттигашна тIехь, адамаш гул ца далийтархьама.

Карантин юкъаяккхаран Iалашо ю, адамийн вовшашца уьйраш мел а кIезиг хилийтар. Лоьраша а хьоьху, вовшашна юкъахь шишша метар дистанци йита бохуш. Ишта юкъадаьккхина, гIалин транспорт тIехь бетах йоьхкина туьмIаьжгаш, куьйгех каранаш хилийтар а. Бакъду, рекомендацешка ла ца дугIурш а нисло.

"Рекомендаци" боху дош цхьа юкъара ду. Чехин Iедалхоша доьху шайн бахархошка, ца бевллачу денна бен ара цабовлар: супермаркете, аптеке, я балха. Масех де хьалха дIакъевлина дешаран хьукматаш. Жимма садаIа хIаваэ вала йиш ю парке, я хьуьнха.

Карантинан низамаш дохийначарна цкъачунна тIедожийна жоьпалла дац. Дац могуш болчу нахана, шеца цхьа а коронавирусан симптом йоцчу бахархошна.

Чехин чоьхьарчу гIуллакхийн министро Гамачек Яна пресс-конференци йоьдучу заманчохь дIахьедира жоьпаллех: "Вирус кхета тарло адамна. ТIаккха цо кхечунна дIалур ду шегара ун. Цхаъ вала тарло. ТIаккха и низам лар ца динчун цуьнца ваха веза-кх ша велла дIаваллалц".

Нагахь санна, коронавирусах шеко а хилла, цIера ма вала аьлла, карантине ваьккхина стаг арахь гахь, цунна гIуда кхачор ду 130 эзар доллар, я 12 шарна набахте хьажор ву.

Карарчу беттан 24-чу дийне кхаччалц ю Чехехь кхайкхийна карантин. Эшахь, кхин дIа а яхйийр йолуш ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG