ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гуьржийчохь болхбечуьра сацош ю фитнес-клубаш, спа-салонаш, маршрутан таксеш


COVID-19 уьнах мохк ларбен барамаш чIагIбеш ю Гуьржийчоь.

Премьер-министра Гахария Георгийс хаийтина Iедало фитнес-клубашна, спа-салонашна, маршрутан таксешна болхбан доьхкуш хиларх лаьцна.

Тбилисехула бахархошна дIасалела магадо юкъарчу транспортаца, ткъа церан салонаш молханашца юьлу хIора дийнахь.

«Вирус яьржайоьлла пачхьалкх ю Гуьржийчоь, цундела оьшу дуьхьало ян», - билгалдаьккхина Гахарияс.

Делахь а, яц, цо бахарехь, махканна карантин кхайкхош.

Абхазина а, Къилба ХIирийчоьнна а вирусца къийсам латтон оьшу хьелаш ша кхачор дуйла хаийтина гуьржийн Iедало.

"Оккупаце эцначу мехкийн бахархошна оьшшу гIо дан кийча ду тхо», - аьлла Гахарияс.

  • 34 стаг ву Гуьржийчохь коронавирус кхетта. Шина кIиранна хьешашна шайн дозанаш дIакъевлуш ду пачхьалкхо тховса.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG