ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанерчу шина вешина КурбановгIарна юкъахь тоьхна хан – 32 шо


Къилба федералан гонан тIеман кхело тIечIагIдина Дагестанерчу Каякентан кIоштарчу вежарша ИсмаьIала а, Мухтара а КурбановгIар Шемарчу тIамехь дакъалаьцна хилар. Набахтехь такха кхайкхийна царна 15 а, 17 а шераш, хаамбо "Кавказский узел" портало.

Кхелехь дуккхаза а дIахьедира вежарша, шаьш ца хилла тIамехь, шайгара ницкъаша даьхна дареш, аьлла. Амма прокурора бахарехь, тоьшаллаш тоъал ду – уьш делла «Э» центрерчу ницкъахоша а, къайлахчу тешаша а, лецначара шаьш а.

КурбановгIеран адвокаташа дийцарехь, Дагестанехь а, Мисарахь а хилла ши кIант талламо уьш Шемахь хилла бохучу хенахь, вежарийн бехк къастийна бац, тоьшаллаш етташ даьхна цаьргара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG