ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европан кхело 52 эзар евро кхачийна ши йоI доьза яйначу наношна


Соьлжа-ГIалахь доьза яйначу шина йоьIан наношна, 26 эзар евро хIоранна а, компенсаци яла декхарейина Оьрсийчоь Страсбургерчу адамийн бакъонийн кхело.

Турпулканова Лайлаа а, Хасиева Лиляс а Европан кхеле арз дахьийтинера, Оьрсийчоьнан талламан урхаллаша къастонза дитина бехктакхаман гIуллакх, аьлла.

Турпулканован йоI Межидова Луиза яйна 2011-чу шеран гурахь, буса шена вевзаш волу Шеларчу полицин белхахо ИбрахIим ган цIера араялларх. Бутт баьлча меттигерчу цхьана школин кертахь карийна йоьIан куьг. Таллам массийттаза гIаттош, юха бижош, бахбина латтийна, тIаьхьара зераш дина 2015-чу шеран Товбецан-баттахь.

Хасиеван йоI Элимханова Хадишат яйна 2016-чу шеран аьхка. Гиначара дийцарехь, шина стага, етташ, «Приора» машена чу а хаийна, дIайигина иза. Йигинчех цхьаъ тIеман духарахь вара, чIагIдо тешаша. И гIуллакх таллар а лаьттина сацийна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG