ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пандемин хроника: Оьрсийчохь ун кхетта ву 100 сов вахархо


Маршо Радион Оьрсийн сервсисо коронавирусан ун даржаран пандемин хроника ю дIахьош.

Шинарин дийнан хиламаш иштта бу:

– Оьсийчохь – коронавирусан ун кхетта ву ​114 стаг

– Москвахь юкъаяккха мегаш ю луьра карантин

– Киевхь а, Украинин кхечу гIаланашкахь а дIакъовлуш ю метро

– Цамгаран эпицентр йолчу Италехь коронавирус хьакхаелла кхин а 3526 вахархочунна

23:49 Зазадоккху-беттан 17-гIа, 2020

Москвахь бьйса юккъе йолуш коронавирус яржаран статистика иштта яра.

Льораша тIечIагIдина коронавирусан ун даьллачу нехан терахь ду кху дуьнентIехь: 197 320

Беллачеран терахь: 7950 (дийнахь-бусий тIекхетта 820, терахь алсамдаьлла 90 стагана цхьа де хьалха хиллачуьнца дуьстича)

Товелла: 81 683, (+3344 терахь алсам даьлла шозза, цхьа де хьалха хиллачуьнца дуьстича)

Таханлерчу денна ун кхетта цомгуш хиллачу нехан терахь ду 107 687 стаг. Царах 100 600 ву юккъерчу барамехь хьал долуш, 7 000 стаг ву вочу а, вуно вочу а хьолехь. Цу тIахьрчера терахь дийнахь-бусий алсамдаьлла.

ТIаьхьарчу дийнахь-бусий уггар дукха ун кхетта керла нах бу, Зазадоккху-беттан 13-хь дуьйна лаьрча:

Итали: 3526 (300 стаг алсам, цхьа де хьалха хиллачул а)

Германи: 2080 (Цу гайтамехь дуьххьара Германи хьалхаяьлла Испанел а)

Испани: 1806 (400 стаг алсам, цхьа де хьалха хиллачул а)

Американ Цхьаьнатоьхна Штаташ: 1325

ГIажарийчоь: 1178

Франци: 1097

Британи: 407

Чехи: 90

Оьрсийчоь: 21

Украина: 7

Ун кхеттачерах дийнахь-бусий беллачеран терахь:

Итали: 345 (терахь лахлуш долу шолгIа де ду)

Испани: 191 (150 стаг алсам де хьалха хиллачул а)

ГIажарийчоь: 135

Франци: 27

Нидерландаш: 19

Британии: 16

Украина: 1

Оьрсийчоь: 0

Чехи: 0

ХIара терахьаш сиха хийцалуш ду. Цунах оха дуьйцур ду кхин дIа йолчу тхайн материалашкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG