Шинарийн сарахь яржийначу статистико бахарехь, Лаьтта тIехь коронавирусан керла ун кхетта 194 164 стаганна. Товелла цунах 81 683 стаг, ткъа велла – 7 947.
Германерчу Керста-Демократин цхьаьнакхетараллин коьрте хIотта кандидат ваьллачу, канцлер Меркел Ангела хийца тарлуш волчу Мерц Фридриха хаам баржийна, ша коронавирус лаьцначух тера ду, аьлла. «ТIедогIу кIира чекхдаллалц со карантинехь цахь хир ву», - яздина цо.
Британин Iедало 330 млрд фунт стерлингаш дала сацамбина коронавирус яржаро бизнес йохийначу хьолахошна, аьлла финансийн министра Сунак Ришис. Иза вуно дукха ахча ду: Британин бюджетах 30% сов, хаамбо Би-Би-Си корпорацино.