Коронавирус яржарна болчу кхерамца баттана шен массо а хьукматаш дIакъевлина Къилбаседа ХIирийчоьнан синбахамаллин министралло. Оцу хьокъехь хаамбина "Кавказ.Реалиига" оцу министраллин пресс-векалто.
Карантинна дIакъовлуш ю махкара ерриг а театраш, библиотекаш, музейш. Библиотекашна интернетехула шайн клиенташна информацин ресурсийн кхачамбар хьоьху министралло.
Цул сов, синбахамаллин министралло болх дистанционан кепе баккхар хьоьху шен массо а белахошна.