ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

50 гергга нохчо, оьрсийн гIаланашкара цIа а валийна, «наркомани, маларш лелорна» нахала ваьккхина Соьлжа-ГIалахь


Делимханов Адам
Делимханов Адам

Москвара а, кхечу регионийн гIаланашкара а даймахка юхабалийначу нохчашна, наркотикаш лелорна, маларш мийларна, харцхьа леларна довдеш гайтина «Грозный» телеканало Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам а, вице-премьер Висмурадов Абузайд а, чоьхьарчу гIуллакхийн министр Алханов Руслан а.

50 гергга бу Нохчийчу юхабалийнарш. Цкъачунна хууш дац, шаьш баьхкина уьш я ницкъаша балийна цIехьа.

Нехан гIаланашкахь «Нохчийчоь сийсазъярна», къепе йохош хьийзарна гайтина уьш махканна. «Барамехь» лаьтташ гайтира оцу нехан гергарнаш а – цара тешийна мехкан куьйгалхой бехкалабаханчара кхин зен-зулам дийр дац цхьанна а, аьлла.

«Наркотикашка, маларе бирзинчу» шайн нехан доладаре кхайкхина гергарнаш Делимхановс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG