ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коронавирусах лаьцна 12 харцдерг (+видео)


Дуьненаюкъарчу могушаллаIалашъяран организацино (ВОЗ) вовшахтухуш ю коронавирусах лаьцна мел яржон информаци. COVID-19 вирусца къийсам латторехь 150 пачхьалкхехь а, дуьненан дозанаш тIехь а зеделлачух пайда а оьцуш, зорбане йохуш ю организацино шен рекомендацеш. Кхузахь билгалъяьккхина 12 миф а, Iилманчаша а, лоьраша а харцдийриг а.

1. COVID‑19 ун къаьсттина йовха климат лаьттачу меттигашкахь даьржаш ду?

- ВОЗ-ан карарчу хенахь карахь долчу тоьшаллашца, миччахь а кхета йиш йолуш ду коронавирусан ун. Муьлхха а климатан хьелашкахь велахь а, уьнах ларвала бахьанаш лелон деза. ХIораммо а кест-кеста куьйгаш дуьлуш хилча, коронавирусах къахкаран уггар а дика кеп ю иза. Боьхачу куьйгашца бIаьргех, бетах, я мерах куьйг кхетахь, тарло вирус хьакхаяла.

2. Нагахь санна, шийлачу, ло догIучу дийнахь арахь хан яьккхича, керла юкъаяьлла коронавирус (2019-nCoV​) хIаллакхир юй?

- ХIан-хIа, хир яц. Могуш долчу адаман дегIан температура 36,5° тIера 37° градусе кхаччалц хуьлуш ю, арахь муьлхха хенан хIоттам белахь а. Цундела, бух боцуш ду, шийлачу хенахь арахь хан яьккхича вирус, я кхиндолу инфекцийн лазарш эшор ду бохург.

3. Довха хи ванни чу а лаьцна, цу чохь Iиллича, ялур юй коронавирусан инфекцина дуьхьало?

- ХIан-хIа. COVID-19 -ан уьнах лар ца во довхачу хино а. Адаман дегIан температура 36,5° тIера 37° градусе кхаччалц бен ца хуьлу, довхачу хица хьо лийчахь а, я ванни чохь Iиллахь а. Мелхо а довхачу хица лийчаро зен а дийр ду, дегI дагон а тарло.

4. Куьйгаш дакъочу тоькаца йолчу аппараташа коронавирус юьйш ю бохург мел бакъ ду?

- Бакъ дац иза а. Цара юьйш яц вирус. Профилактика ярхьама сих-сиха куьйгаш спирт шеца долчу коьчалца дилича дика ду, я саба а хьокхуш хи кIел дилахь.

5. Дезинфекци ечу ультрафиолетан чиркхо (УФ)гIо до коронавирус йойуш бохург дуй бакъ?

- ХIан-хIа, ишта дац иза. Куьйгашна, я дегIан кхечу меженашна стерилизаци ечу хенахь мегар дац УФ-н чирккхех пайдаэца. Эритема олу лазар дегIан чкъураца гучудаккха там бу цо.

6. Этанолца, хлоран кирца доллу дегIана дезинфнкци йича 2019-nCoV вирус хIаллакхуьлу бохург билггал бакъ дуй?

- Дац. Хьан организмах дIаийна вирус дегIа тIе спирт, я хлор хьекхарх эккхалур яц. Мелхо а хьуна тIерачу хIуманна а, хьан бIаьргашна а, багана а зен дийр ду цара. Хууш хила деза, хлоран киро санна, спирто а шен барам а ларбеш, царех пайдаэцахь, тIехуларчу хIуманна дезинфекци ян тарло. Цул а гIоле ду кест-кеста хьайн куьйгаш сабанца дуьлуш хилча.

7. Туьханан шовраца сих-сиха мера чу хи кхаьрзича, вирусах ларлойла дуй?

- ХIан-хIа. Iилманехь тIечIагIдина дац, туьхан берам сих-сиха мерачу кхаьрзича, керлачу коронавирусан инфекцех цо ларво аьлла. Цхьаболчара дийцарехь, шелвеллачу хенахь гIо дан тарло цо. Делахь а, билггал респираторан инфекцешна цо гIо деш хиларх, тоьшаллаш цхьанхьа а дац.

8. Саьрмасекхо гIо дой коронавирус ца кхетийта?

- Саьрмасекх - Iаламат могушаллина пайден бу. Микробашна дуьхьало йо цо, билгалдоккху ВОЗ организацино. Делахь а, кху некъахь иккхинчу лазарна цуьнгара дарба хилла аьлла, цхьа а тоьшалла дац.

9. Кералчу коронавирусан инфекцина дарба а, профилактика а йой антибиотикаша?

- Ца йо. Антибиотикаша вирусна эшам ца бо.Бактеришца йоьзна инфекци елахь, тIаккха бен дарба ца хуьлу царех. Керла коронавирус (2019-nCoV) вирус ю, цунна я профилактика ян а, я дарбанна ааьлла а, мела мегар дац антибиотикаш.

- Коронавирусан инфекцина дарба дан, я профилактикина аьлла, цхьана а кепара молханаш дан а дуй?

- Цкъачунна хIара, иза аьлла, билгалдаьккхина цхьа а молха дац коронавирусна дуьхьал. Амма тIетаьIIина болх бу беш, пайден керла молха юкъадаккха гIертачу говзанчаша. Цкъа хьалха уьш а зен дезаш ду клиникашкахь. Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташкахь кху беттан 16-чохь зен йолийна коронавирусан инфекцина дуьхьал кхоьллина вакцина.

11. Шелиг (холодильник) чохь латтийначу юургца яьржийла дуй коронавирус?

- Цкъачунна тоьшаллаш дац, коронавирус юучух дехьайолу аьлла, тIечIагIдина. Дуккха а цомгуш нах болчу пачхьалкхера чуеанчу юучух коронавирусан ун дала там бу бохург а тIечIагIдан йиш яц. Вирус халла лаьтта тIехулахь, ткъа юучунна транспортировка ян дикка хан оьшу.

12. Чуьрко къовзийча а тIедолу коронавирусан ун бохург дуй бакъ?

- Керла коронавирус - респираторан вирус ю. Коьртачу декъанна иза яьржаш ю хIаваъца, тIадамца. И бохург хIун ду, нагахь санна, цомгашчун багара йолучу тIуналлех. Масала, йовхарш, хьоршамаш тоьхча, мерачуьра тIуналла иккхича, хьо уллохь нисвеллехь, хьуна тIеяла кхерам бу. Карарчу хенахь чуьрко къовзийча 2019-nCoV вирус кхета тарло боху информаци а йоцуш ю. Инфекцех ларвалархьама дан дезарг ду: йовхарш еттачу, я лакхара дегIан температура йолчу нахана герга цавахар, куьйгаш кест-кеста сабанца дуьлуш хилар, респираторан гигиенан низамаш Iалашдар.

Дуьненаюкъарчу могушаллаIалашъяран организацино ишта видео ю кечйина, вирусах ларлуш куьйгаш муха дила деза гойтуш, яьккхина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG