ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Даржера дIабевлла, юха иза дIалацар Iалашона


Дагестан. Гайтаман сурт
Дагестан. Гайтаман сурт


Зазадоккху-бутт болалуш Дагестанехь цхьаьнаметта шайн даржаш дитира 5-ъа кIоштан куьйгахоша. Амма балхара дIабевлла уьш цхьана ханна. Царах дукхахболчара хIинцале а дIахьедар дина, юха а шайн даржаш дIалаца дагахь ду шаьш аьлла.

Зазадоккху-беттан 3-чохь а, 4-хь а шаьшшиъ балхара дIаволуш хиларх лаьцна хаам бира Карабудахкентан а, Кайтаган а шина кIоштан куьйгалхоша.

Кхин а 2 де даьлча хаамаш баьржира Чародин а, Унцукулан а, Курахан а кIоштийн куьйгалхоша изза дина хиларх лаьцна.

Хьаькаман гIант дитина цхьа де даьллачул тIаьхьа Карабудахкентан а, Кайтаган а кIоштийн хиллачу куьйгалхоша дIакхайкхийра, шаьшиъ юха а кIоштан куьйгалхочун дарж къовса дагахь хиларх лаьцна.

Изза дан мегаш ду бисинчу кIоштийн хиллачу куьйгалоша а, аьлла хета Кавказ.Реалиино хаттар деллачу эксперташна.

"Черновик" газетан материалашкахь цу наха лелочуьнца доьзна хьал уьш "хьерехилар" ду бохуш яздо. КIоштийн куьйгалхоша даржаш дитар доьзна ду и даржаш дита ца лаарца.

Хууш ма хиллара, кIоштийн куьйгалхой а, уьш хоржучу кIоштийн гуламийн депутаташ а юхахоржур болуш бу кху, 2020-чу, шарахь. Нагахь кIоштан куьйгалхо, даржера дIа а ваьлла, хIинца болчу депутаташа юха а оцу дарже харжахь, цуьнан цу балхахь виса бакъо хир ю кхин а цхьана ханна.

Нагахь иза шен хан чекхяьллалц цу даржехь висахь, хууш дац кIоштан гуламе хоржур болу депутаташ муьлш хи бу а, уьш мел лаам болуш хир бу и стаг кIоштан куьйгалхо харжа.

"Новое дело" газетан коьртачу редакторна Сагитов Хьаьжмурдана хетарехь, шайн лаам чекхбаккха кIоштийн куьйгалхоша а, республикерчу Iедалхоша а "джентельменан" олу барт бина.

"Дагестанерчу Iедало аьтто бон цера даржашкахь биса, ткъа церан дуй баа дезар ду шаьш Iедалшна тешаме хир ду аьлла а, харжамашка адам далор ду аьлла а", - дуьйцу Сагитовс.

Политологна Уразаев Эдуардана хетарехь, массо а тIегIантехь шайн хIинца йолу позицеш йисийта лууш бу хIинца Iедалехь болу нах.

Цунна а хета республикан тIегIанан Iедалхоша а, кIошташкарчу куьйгалхоша "къайлаха барт" бина аьлла – Iедало бакъо ло кIоштийн куьйгалхошна карарчу хенахь болчу депутаташка шаьш юхаржийта, ткъа цара шайн агIор харжамашка адам а дало а, республикерчу Iедалхошна муьтIахь хила чIагIо а йон.

Ши кIира хьалха Ахтынан кIоштан куьйгалхочун Абдулкеримов Османна дуьхьал долийра бехктакхаман гIуллакх. Зазадоккху-беттан 10-хь лецира иза, даржехь харцонаш лелорна шеко йолуш. Талламан версица, низам а дохош, меттигерчу вахархочун доладаьккхина хилла цо лаьттан дакъа, кIоштана 2 миллион 800 эзар сом барамехь зен а деш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG