ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кремл: Путин дийнахь а, буса а ларвеш ву коронавирусах


Reuters-о бечу хаамца, Оьрсийчоьнан президента дакъалоцучу барамашка мел воьдург декхаре ву коронавирус лохуш ечу тестах чекхвала.

"Президент даьржинчу уьнах а, муьлххачу а кхечу уьнах а ларвеш дан мел дезарг деш ду дийнахь а, буса а», - аьлла журналисташка Путинан пресс-векала Песков Дмитрийс.

Оьрсийчоьно 2014-чу шарахь Украинера дIаяьккхинчу ГIирме вахара кхаарийдийнахь Путин. Цуьнца баьхкина журналисташ а бехира тестах чекх.

Цул сов, Кремло президентанна генабовла декхаре бо и волчу кхаьчна журналисташ, царна шайн могашалла дика яц аьлла хетташехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG