ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчуьрчу хаамийн гIирсаша аьшпаш баржабо коронавирусах лаьцна, боху Европан Берто


Кремлехьа болчу Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсаша дезинформаци яржайо коронавирусах лаьцна, Москва цатешам кхолла гIерта Европерчу бахархошна юкъахь, аьшнаш йо церан мидеицина, боху ЕвроБертан куьйгалло. Британнера Financial Times а, The Telegraph а ю цунах лаьцна Европан арахьарчу зIенийн урхаллин хаам бовзуьйтург.

Дийцарехь, ингалсан, испанхойн, францойн, германхойн меттанашкахь яржайо Оьрсийчоьно харц информаци. Иштачу хаамех бу, ЕвроБертан векалша тоьшалла дарехь, лаххара а 80 хаам.

Москвара яьржа дезинформаци массех маьIнехь хуьлу, цхьаъ кхечуьнца а ца йогIуш – оцу массо а фейкин Iалашо ю информацин гIара эккхийта, боху ЕвроБертан векалша.

ЕвроБертан арахьарчу зIенийн урхалла реза ца хилла шайн документ Reuters агенталлина тида. Амма цуьнан векало хаийтина шен коллегаш уггаре яккхийчу IT-хьукматашца юкъарлонехь буйла, царех ю Google, Facebook, Twitter, Microsoft – оцу гиганташа аьтто бо ЕвроБертанна фейкаш билгалъяха.

ЕвроБерто дина и дIахьедар цхьа а бух боцуш ду, аьлла Кремлан пресс-векало Песков Дмитрийс. Байначу баттахь Оьрсийчоь фейкаш яржорна бехкейира Iамеркарчу даржахоша. ХIетахь и претензи «леррина чукхоьссина бакъдоцург ду» элира Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министран пресс-векало Захарова Марияс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG