ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело низамца догIуш дац аьлла ХIинжа-ГIалахь нахе гулам цабайтар


"Черновик" газетера журналист Гаджиев Iабдулмумин лаьцначуьра дIахецар доьхуш, гулам хIотто гIоьртира ХIинжа-ГIалахь жигархой яхначу аьхка. Амма Дагестанан юстицин министралло бакъо ца елира, наха шайн барам дIабахьа къастийна меттиг мукъа яц аьлла.

Деллачу жоьпанна резабоцчу жигархоша арз чуделира Пятигорскерчу кассацин 5-чу кхеле, ткъа цо харцйира Дагестанера юстицин министралла. Пятигорскехь бина сацам нийса бу аьлла хIинца Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело а.

ХIинжа-ГIалара жигархой шайн махкал арахьа бакъо лаха декхаребинарг дара меттигерчу а, Дагестанан Лакхарчу а кхелаша, шайн мехкан юстицин министраллехьа а евлла, гулам цабайтар нийса ду алар шайн сацамашкахь.

Гуламан жигархойн бакъо толош хьийзинчу юриста Исмаилов Марата шена теша лаьа элира "Кавказ.Реалиига", журналист Гаджиев харцонах Iалашван гIерташ, цуьнгахьа гуламаш бан жигархошна Дагестанерчу Iедало кхидIа новкъарло йийр яц бохучух.

Хьажа комменташка

XS
SM
MD
LG