ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Массанхьачул кIезиг ду алапаш Къилбаседа Кавказехь


Оьрсийчохь уггаре дукха алапа оьцу Чукоткехь – баттахь юккъера барам бу цигахь 106, 8 эзар сом, боху РИА "Новости" агенталло.

Росстато (Оьрсийчоьнан ститистикан урхалло) далочу терахьашца, массанхьачул лахара барам бу алапийн Кхарачой-Чергазийчохь (27 000), Дагестанехь (27 200), Ивановохь (27 300), ГIалгIайчохь (27 500), Нохчийчохь (27 700).

Ерриг а пачхьалкхехь 2019-чу шарахь алапийн юккъера барам хилла 47 500 сом. И терахь 3 700 соьманна лакхара ду шо хьалха хиллачул.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG