ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIинжа-ГIаларчу кIоштан куьйгалхой кхеле белла къола дарна


ХIинжа-ГIаларчу Советски кIоштан куьйгалхо Залибеков Пахруддин а, цуьнан гIовс Карачаев Имам а, Залибековн ваша, берийн спортан школин директор Садрутдин а кхеле белла талламчаша.

Шайна тешийна хьал боккхачу барамехь доладерзорна (Оьрсийчоьнан бехктакхаман кодексан 160.4 декъехь) дов гIаттийна царна дуьхьал.

Талламо бахарехь, спортан школин директора Залибеков Садрутдина шен вешех Пахруддинах а, Карачаев Имамах а тренераш бина кехаташ тIехь, алапа луш хилла царна, цара и болх беш боццушехь. Иштта доладерзийначу ахчан барам бу, талламо тоьшалла дарехь, 1 миллион 300 сом.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG