Тахана дуьйна лаккхара самонан хьал хIоттош ду Iедало Къилбаседа ХIирийчохь. Коронавирусо бохьучу кхерамца доьзна ду мехкан куьйгалхочо Битаров Вячеслава дина омра.
Ерриг а ХIирийчоьнна доьхку спортан, синкъераман, нах алссам гулбешболу барамаш хIиттор.
Омрица а догIуш, ун даьржинчу мехкашкара баьхкина нах декхаре бу телефонехула эпидемиологашка шаьш хилла меттиг хаийта а, шайца цамгар хааелла яцахь а, 14 денна цIахь совца а. Мегаш дац бахархойн оцу категорина цкъачунна балха я деша баха.