ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Американ а, Евробертан а лидерш гIулчаш йохуш бу эканомикина гIортор ян


Трамп Доналд
Трамп Доналд

Корононавирусан ун даржаро деш долу экономикан зе аттачу даккха сихонца маситта финансийн гIулч яьккхина Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Евробертан пачхьалкхийн а лидерша.

Цу хьокъехь Зазадоккху-беттан 18-хь динчу дIахьедаро юьхьенца денъян йолийра дуьненера рынкаш: Азин акцеш а, Американ акцийн фючерсаш а (билламаш хьалххе билгалбаьхна бина мехаш), мехкадаьттан мехаш а хьалабевлира.

Делахь а дукха хан ялале цара хийцира шайн курс, мехаш охьадовларца. Вашингтонехь президента Трамп Доналда тIе куьг таIийна 100 миллиард доллар мах болчу Сенато масех сахьт далале къобалйинчу пакетана.

Американ Конгресс
Американ Конгресс

Оцу гIулчо аьтто бийр бу вирус хьакхаялар къастош тесташ ян а, цомгуш хиллачу белхахошна ахчанца гIо дан а, ткъа иштта кхин йолу адамашна гIортор ярца йоьзна социалан программаш кхочуш ян.

Конгресс а, президентан администраци а сихонца йийцаре ян йолаелла 1 триллион доллар мах болу программа. Цуьнан Iалашо ю авиакомпанеш а, кеменаш дон заводаш а, туризман компанеш а, машенаш йон заводаш а, кхин долу адамийн бахаман хьеле дакъош а, шайна юкъахь кинотеатрш а йолуш, кIелхьардаха.

Оцу пакетана юкъахь ю 500 миллиард доллар барам болу Американ бахархоша дойур долу ахча меттахIотто а, экономикин дог даийта а, тIебогIучу Оханан-баттахь 1000-2000 доллар далар хьокъехь Американ Хазно (Казначество) кечйина программа.

И тIаьххьара гIулчаш яхале хьалха Зазадоккху-беттан 15-хь, Американ коьртачу банко (Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Федералан тIаьхьалонан система) дIакхайкхийра пачхьалкхан финансийн система чIагIъян ша гIулчаш яьхна хиларх лаьцна. Царна юкъахь ду банкера юхалург ахча оьцуш йоккху процент 0 тIе кхаччалц охьаяккхар а, рынкашкахь 700 миллиард долларна активаш эцар а.

Оцу юкъана Европан коьртачу банко Зазадоккху-беттан 18-хь дIахьедина, керла кхин а шуьйра программа дIайолош ю шаьш, финансийн активаш а оьцуш, банкаш сапаргIат яхарца а, дуьненан экономика йохо мегаш йолчу вирусан эпидемина дуьхьало ярца а йоьзна аьлла.

Европан коьртачу банко дIакхайкхийна 2020 шо чекхдолуш 750 миллиард еврох (820 миллиард доллар) пачхьалкхан а, бахархойн долахь йолу а облигацеш а, коммерцин деза кехташ эца мега ша аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG