ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестан: масканаш яц, я хир ю ала меттиг а бац


Оьцург-юхкург кхайкхочу "Авитон" сайтехь Iаламат дукха хаамаш гучубевлира тIаьххьарчу масех деношкахь, Махачкалахь медицинан масканаш ю юхкуш аьлла. Ткъа аптекашкахь респираторш а, антисептикаш а юхкуш йоцу дикка хан а ю.

Таханалерачу хьелашкахь уггар а наха хоьттучех ю, 20 соьмера 35 соьме мах хьалабаьккхина медицинан туьтмIаьжиг. Жигара хьийзачу бизнесхоша цхьацца-шишша ца юхку уьш, баккхийчу барамашкахь -эзарнашкахь а, бIеннашкахь а.

Инстаграмерчу шайн агIон тIехь регионерчу могушаллин министралло хьехна дагестанхошна, нагахь санна, аптекашкахь масканаш яцахь, "Росздравнадзоре" телефон тоха аьлла.

Медицинан масканашца къоьлла хIоттар а, царна мехаш тIекхетар а шайн тергоне эцна Федералан антимонополан урхалло а, могушаллина тIехь терго латточу Федералан хьукмато а.

"Аптекашкахь респираторин мах хьалабаккхарх хаамаш гулбеш бу ФАС-ан белхахой, ткъа "Росздравнадзоро" мобилан лини схьайиллина", - аьлла ду бинчу хаамехь.

"Росздравнадзоран" белхахоша шаьш ФАС-ан говзанчашца цхьана къастор ду аьлла хIора вахархочо шайга схьахаийтина арз. Комментарешкахь дуккхаъчара аьрзнаш дина, билгалъяьккхинчу телефонан лоьмарца зIенедовлар ца хуьлу шайн бохуш.

"Кавказ.Реалиин" корреспонденто а туьхийра дийно сарралц 5-зза телефон, амма жоп луш стаг а вацара.

"Бутт хьалха дуьйна чекхъевлла тхоьгара масканаш. Я уьш хир ю ала меттиг а бац: Китайра чукхоьхьуш ма яра уьш", - аьлла, дийцина Каспийскерчу цхьана молханаш духкучу туьканан белхахоша.
"Куьйгаш дуьлу антисептикаш а яц ур-атталла - ерш дIаэцна", - элира кхечу аптекан фармацевташа. Изза сурт ду Махачкалахь а, республикан кхечу гIаланашкахь а, ярташкахь а.

"Цхьана беттачохь массо а аптекашкахула чекхдевлира тхо, туьтмIаьжгаш яцара. Кеста йохка йохьур ю ала меттиг а бац. Хаттар хIутту: стенга яхана аптекашкара масканаш? "Авитон" сайтехь маьршша эца йиш ма ю уьш цхьаннах 25 сом а луш?!", -ца кхета бахархой.

Дуккхахболчара дуьйцу вовшашка, масканаш эца тарлучу гIишлошъяран гIирс бухкучу туьканийн адресаш а, шен цIахь кIадех, кисех муха тега маска хьоьхуш, инструкцеш а йовзуьйту.

Регионерчу антимонополан урхаллехь дийцина, республикерчу проблемех шайна хууш ду аьлла. Аптекашкахь хIора кIиранах мехийн мониторинг йо шаьш, амма гIо дан ницкъ ца кхочу аьлла.

"Таханалерачу дийнахь масканийн къоьлла йоллу пачхьалкхехь ю. Оха ечу мониторингашца, цхьайолчу аптекашкахь масканаш йолуш ю. Амма мехашна тIехь тхан хIуммаъ а дойла яц, хIунда аьлча, аптекийн долахоша шаьш хIиттош хиларна уьш, йохка схьаоьцучу мехе хьожжий", - аьлла, дийцина ФАС-ан пресс-гIуллакххоша.

Медицинан масканийн мехийн динамика тергонехь латтайойла дац, хIунда аьлча, мониторинг ян аптекашкахь уьш юхкуш ца хиларна.
"Мехаш мел тIекхетта царна тхан олийла дац, аптекашкахь уьш юхкуш ца хиларна. Цхьаццайолчу ярташкахь а, Дербентерчу аптекашкахь а юкъ-кара юхкуш нисло масканаш. Ткъа Махачкалахь янне а яц", - боху ФАС-ехь. Церан хаамашца, туьтмIаьжгаш ечара а жоп дац луш аптекашана.

Медицинан масканаш лакхарчу мехех интернетехь юхкучарна тIехь терго латтайойла а, я царна таIзар дойла а яц, антимонополан урхаллан белхахоша дийцарехь: "Ткъа "Авитех" лаьцна аьлча, и сайт Дагестанан яц, цкъа делахь, шолгIа аьлча, цхьанна долахь объект яц иза, цхьанца берта а бахна юхкуш ю ала". Ишта ду церан жоп.

Оцу юкъанна, "Авито" сайто информаци зорбане яьккхина шайн сайтехь, медицинан масканаш йохкарх тIейогIучу заманчохь шаьш керла хаамаш схьаоьцур бац аьлла.

Билгалдаккха догIу, социалан машанашкарчу Дагестанан пабликашкахь масканаш юхкуш ю бохуш, информацеш алсамюьйлу де-дийне.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG