ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь дуьххьара стаг велла коронавирусах


72 шо кхаьчна зуда елла коронавирусах Москварчу № 2 йолчу инфекцин клиникехь. Пехийн лазарца кху беттан 13-чу дийнахь кхачийна яра иза лоьрашна тIе, боху пачхьалкхан шахьарахь уьнна духьалоечу оперативан штабо.

Юьхьанца зудчунна дарба леладайтина доларчу клиникехь. Ткъа 14-чохь иза дехьаяьккхина инфекцин дарбан цIийне.

Зудчуьнгара хьал эшош яра цуьнца хьалха дуьйна а хилла цамгарш, диабет а, деган лазар а, боху лоьраша. Шакъастийна, пехашна хIо латтош, кхабна иза № 2 клиникехь, амма аьтто ца баьлла коронавирусах тоян.

Кхаарин суьйренан статистико бахарехь, коронавирус кхетта Оьрсийчохь 147 стаганна. То а велла, дарбан хIусамашкара араваьлла 5 пациент. Москварчу дарбан хIусамашка чувиллина ву 87 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG