ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчуьрчу конституцин хийцамашна дуьхьалояр доьху Европан Кхеташоне Урдунерчу чергазийн яздархочо


Башкауи Адела, Урдунерчу юкъархочо, историка, яздархочо, Европан Кхеташонан Парламентан Ассамблее кехат дахьийтина Оьрсийчоьнан конституцин керлачу редакцин хьокъехь.

ДIахьедарехь цо боху, Оьрсийчоьнан конституцина юкъабахка кечбинчу хийцамаша низаме йоккху къаьмнийн сегрегаци а, шайн махкашкахь дехачу кегий къаьмнашна дуьхьал дискриминаци а. Цунна гарехь, статусашка доькъуш ду къамнаш, оьрсий кхечу къаьмнел лакха а бохуш.

Башкауи Адела доьху Европан Кхеташонан Парламентан Ассамблейга Венецерчу комиссина Оьрсийчоьнан конституцин хийцамаш (68-гIа дакъа) таллийтар а, оцу пачхьалкхе кегий къаьмнийн бакъонаш цахьашийтар а.

"Оьрсийчоьнан политико бохьучу кхераман битамаш билгалбохуш гIулч яьккхи ас. Европан Барт декхаре ю дог-ойланца а, юридикан бухца а чергазийн къоман бакъонаш меттахIитто гIерта. Къилбаседа Кавказехь бехачу чергазашна тIехь кхозу колониалан а, ассимиляцин а политика чIагIлуш лаьтта йолчу тIе а», - боху Башкауис.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG