ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Башха боьхна хьийзаш бац ХIирийчохь"


Кхааридийнахь дуьйна Къилба ХIирийчуьрчу школашкара бераш дIахецна бIаьстенан мукъаденошна, хенал а хьалха. Регионера уггар а яккхийчех йолу Къилба-ХIирийчоьнан пачхьалкхан университет а дистанцехь деша йитина. Дуккха а республикехь хила беза барамаш а юкъахбаьхна. Бакъду, "Аланин" а, "Краснодар-3" тобанхошна юкъара футболан матч хилийтира, 2000 стаг вовшахтоьхна, субъектан куьйгалхочун Битаров Вячеславан кIентан ловзар а санна.

"25 кила картолгаш эцна оха, - дуьйцу БуьритIерчу вахархочо Сергейс. - Коронавирусах со ца кхоьру, кхузахь цкъачунна яц иза, цундела гIуллакхаш ледара ду ала ца хIутту со. Цхьайолчу туьканашкахь эца туалетан кехат а карош дац".

"Куьг кховдийна салам-маршалла луш а, я схьаоьцуш а вац со. Хийра нах сайн белхан кабинет чу а ца бохкуьйту ас. Сан хIусамнанас а, ас а тхешан дай, наной а изоляцехь латтош бу. ХIунда аьлча, къаной бу уьш, царах вирус атта кхета тарло. Царна юург тIе а кхоьхьуш, Iаш ду тхо", - боху БуьритIерчу Артура.

"Сурсатийн къоьлла хIоьттина, эпидеми яьржаш хиларна бохуш, информацица паника яьккхина хаамийн гIирсийн куьйгалхой а, Инстаграм-пабликийн администраторш а бара жоьпалле озо безаш,- аьлла хета журналистна Сугарова Элинина. - Цкъа делахь, информаци бакъ яц, шолгIа делахь, цу кепара хаамаш а баржош, уьш бу нахалахь паника яьккхинарш".

Ткъа туьканийн гIопасташ яьсса ю бохуш, яьккхина, яржийна видео тIехь дерг ма-дуьйццу а дацара, боху Сугаровас.
"Цхьана йоккхачу супермаркетехь, кест-кеста деш хIума ду и, цхьайолчу хIуманийн мехаш охьадаьхнера. Масала, 80 доьхуш йолу гарзанаш - 35 соьмах эца йиш яра. Оцу сохьта дIаийци уьш, юха и гIопасташ гарзанашца дIаюзале, цхьаннан ка яьлла видео а яьккхина, дефицит ю бохуш,и дIасаяржон. И видео гинчул тIаьхьа бахана хилла туькана сан дуккха а доттагIий а, сан гергарнаш а. Яккхий раьгIнаш хIиттинера туьканахь, нах саготта бара иккхина паника бахьана долуш", - дуьйцу къамел дечо.

Сугарова тешна ю, туьканийн долахой даггара хир бу, хIоьттинчу ситуацина тIехь шайна пайда а ца лоьхуш аьлла. Кхачан сурсаташ тоаме дац бохуш, сурт а хIиттош, инстаграмерчу пабликийн администраторшкахула видеош яржор яц аьлла, догйовха ю иза.

Дукхахйолу туьканаш юьзна ю. Еххачу заманчохь ца телха сурсаташ къаьсттина маса дIаоьцу туькана оьхучара.

Лоьраша чIагIдо, коронавирусан ун хьакхаделларг тIелаца дарбан хIусамаш кийча ю бохуш.

"Кхоьллина штаб ю, чIарх аьлла логистика а йолуш. Сихха телефон тохийта кхоьллина мобилан лини ю, пачхьалкхан дозанашкахь латтош къепе ю, муьлхха а ситуаци эккхахь а, дарбан хIусамаш кийча шайн декхарш кхочушдан", - аьлла де хьалха меттигерчу телевизионан эфирехь Къилба ХIирийчоьнан могушаллин министро Гогичаев Тамерлана.

Цо дийцарехь, аптекашкахь масканаш ю, ткъа дарбан цIеношкахь - оьшуш мел йолу препараташ а ю. ХIетте а, дийнахь 200-250 стаг зIене волучу, кхоьллинчу мобилан линица проблемаш яра юьхьанца. Гогичаевс бахарехь, говзанчаш кхачо йоллуш кийча ца хиллера телефонехула бахархоша лучу хеттаршна жоьпаш дала.

Дахначу оршотдийнахь Гуьржийчоьнца лаьтта пачхьалкхан доза дIакъевлина. Ишта Оьрсийчоьно а чубуьтуш бац кхечу мехкийн бахархой.

"Аьхкенан тIаьххьарчу батте кхаччалц акцеш хилла, дукха наха тураш эцнера тхоьгара, - аьлла, дийцина "Евротур" туристийн агенталлан директоро Мацукатова Лянас. - Уьш хIинца а юкъахъяханза ю тхан. КарабогIучу беттан тIаьххьарчу деношкахь Туркойчу баха лерина бара дуккхаъ нах. Въетнаме боьлхучара медицинан анкетитIерачу хеттаршна жоьпаш дала деза.Чехи лелар а сацийна ду. Круизаш а цхьана совцийна. Цкъачунна цхьа а вац цхьанхьа а ваха лууш. Нагахь санна, тхоьга телефон тохахь а, шаьш хьалхе дуьйнна дIалаьцначу меттигах хаа лууш туху."

ТIейогIучу заманчохь ХIирийчоьнан дукхахболу бахархой Эмираташка баха лерина бара, боху турагенто. Делахь а, Дубайхь массо а меттиг къевлина ю.

"22 шо ду ас хIара болх бен. Кху тайпаниг цкъа а хилла дацара, - боху Мацукатовас. - Цхьацца бахьанашца кризисаш хуьлура, амма хIара хьал хIоьттина дацара. 67-68 евро курсаца тураш эцна нах, хIинца курс хийцаяларан бахьанашца, мах тIебала декхаре бу. Хууш дац тхуна хиндолчух".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG