Духхьара стаг хаавелла Ставрополехь коронавирус кхетта хиларх шеко йолуш. Карантине кхачийна, лоьрийн Iуналлехь ву иза.
Дукха хан йоццуш дозанал арахьара цIавеана ву и стаг, карарчу муьрехь лоьраша зуьйш бу цуьнан доьзал, цкъачунна билгалдаьлла дац иза цомгуш хилар, хаамбо шен Инстаграмехь Ставропол мехкан губернатора Владимиров Владимира.
"Оха тест Новосибирске хьажийна. Ши де оьшур ду цигарчу "Вектор" центрехь диагноз къастон», - яздо губернатора.
Коронавирусах мохк ларбен барамаш гIовттийна Ставрополехь. Оршоьтадийнахь каникулашна дIахоьцуш ду школашкара а, бошмашкара а бераш. Университеташ, институташ яьхна дешаран дистанционан кепе. Бихкина бу массо а тайпа синкъерамаш, адамаш алссам гуллуш болу барамаш.
Ставропол мехкан губернатора хьоьху бахархошна, бахьана доккха дацахь, махкал ара цабийлар.