ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коронавирус: хьанна бу кхерам?


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт


Цамгарш яржарна терго ечу Американ центро жоьпаш делла COVID-19 пандемех лаьцна кест-кеста лучу хаттаршна.

Муха яьржа коронавирус?

Коронавирусаш адамера адамана тIейолуш лоруш ду хIаваан-тIадамашца. Цамгар кхетта иза жигара йолуш волчуьнгара йолу иза кхечарна тIе.

Таллам бан анализаш дIаелча COVID-19 вирус кара а ца йина, юха иза кхетта хила там буй?

Хьакхаелла дукха хан яцахь вирус ца каро а мега. Нагахь коронавирусан ун кхетаран билгалонаш йолчу адаман анализийн жамI дацаре хиллехь, иза ду цунна карарчу хенахь кхетта цамгар коронавирусца йоьзна яц бохург.

Карантинехь хиллачуьнгара тIеяла там буй коронавирус кхечу нахана?

COVID-19 вирусан карантинан хан 14 де ду. ХIунда аьлча 14 де бу цу тайпачу коронавирусан цамгар тӀеяллалц болу уггар беха мур. Цу кепара, карантинера аравалийтина стаг кхераме вац, цуьнан цамгар оцу хенахь кхин дIа кхиина ца хиларна.

Бакъ дуй, пхьорачу зударшна коронавирус атта хаькхаяла мега бохург?

Цкъачунна хууш дац бераха болчу зударшна иза атта кхета мега бохург.

Кхераме дуй коронавирусах веллачу стеган тезета вахар?

COVID-19 вирусах веллачу стеган дакъа цахьедар гIоле ду.

Дакъа дIадолла кечдинчул тIаьхьа цунах хьакхавелча вирус лоцур ю бохург шеконе хIума ду. Масала, куьг схьалаца я маракхета мегар ду дакъа дIадолла кечдинчул тIаьхьа. Кхин дерг лело ца оьшу, дакъа дIадолла кечдеш а, цул тIаьхьа а. Цу юкъахь ду обанаш бахар а, лийчор а, марчо хьарчор а.

Нагахь велларг лийчо а, марчо хьарчо а гергарнаш лууш белахь, уьш дагабовла беза шайн юкъараллин диндайшца, ун ца далийта хIун дийр дара-те аьлла.

Кхачанца а, шелдинчу я гIорийначу кхачанан сурсаташца а яржа кхерам буй коронавирус?

Таханлерчу денна цхьа а тоьшалла дац кхачанехула COVID-19 яьржаш хиларан. Вуьшта, цу тайпа вирусаш баш садолуш яц арахь яха. Цундела вирус хьакхалур ю олийла дац, нагахь кхачанан сурсаташ маситта дийнахь я кIиранах дIасадаьхьна хиллехь.

Кхечу пачхьалкхера чудеанчу сурсатах коронавирусан ун даларан кхерам буй ткъа?

Цкъачунна цхьа а тоьшалла дац, COVID-19 импорт йинчу сурсатех яьлла хиларан.

Арахь йохъяларо сацор дуй COVID-19 коронавирус яржар?

Цкъачунна хууш дац хенан хIоттамо а, температуро а COVID-19 яржарна Iаткъам муха бо. Цхьайолу вирусаш, могIарера шелвалар я грипп, алсам яьржа шийлачу хенахь, амма иза дац хьо йовхачу хенахь цомгуш хир вац бохург. Карарчу хенахь хууш дац йохъелча лахлур ду я дац коронавирус яржар. COVID-19 вирусан дукхахаха йолу башхаллаш теллина яц, цу агIор дIахьош бу болх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG