ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа ХIирийчоьнан парламент резахилла стипендеш дахаран минимуме хьалакхачадайта


Студентийн стипендеш тIедогIучу шеран хьалхарчу дийнахь дуьйна Оьрсийчуьрчу дахаран минимумца дIанисдан деза аьлла йолу Пачхьалкхан Думерчу депутатийн инициатива къобалйина Къилбаседа ХIирийчоьнан парламенто.

ХIирийн депутаташа дийцаредина гIуллакх Москвахь, Пачхьалкхан Думехь, айдинарг ю «Нийсонан Оьрсийчоь» партин фракци – цо нийса дац аьлла студенташ биллина дай-наноша лучу ахчанна тIехь баха безаш я дешар кIел а дуьтуш, цхьаьнхьа балха лела безаш хилар.

3000 эзар сом гергга ду Оьрсийчохь стипенди. Ткъа БуьритIерачу университетехь дац иза 1900 сом бен.

ДIадаханчу шеран чаккхенехь дахаран минимум, ахчане йиллича, Къилбаседа ХIирийчохь яра 9794 сом.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG