ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Карантинах чекхвала декхаре ву дозанал арахьара цIа мел вогIург


Карантин ю Москварчу школашкахь
Карантин ю Москварчу школашкахь

Оьрсийчоьнан аьттонаш тергалбечу хьукматан (Роспотребнадзор) куьйгалхочо Попова Аннас динчу омрица а догIуш, дозанал арахьара, муьлххачу а пачхьалкхера, Оьрсийчу юха мел воьрзу вахархо декхаре ву 14 дийнахь карантинехь Iан. Документ довзуьйту Оьрсийчоьнан низамийн портало.

Шен цIахь доьзалх хьулвала таро йоцчунна Роспотребнадоро хьоьху карантин дарбан цIийнехь дIаяхьар.

Омрано тIедожадо дозанал арахаьра цIавеъначунна, тергоечу хьукмате телефон а тоьхна, ша хилла меттигаш а, нахаца лелла юкъарлонаш а довзийтар.

Дозанал арахь а хилла, цIавеъначун белхан меттигерчу хьаькамна а, меттигерчу Iедалан куьйгалхошна а тIехь ду, боху документо, иза балхах мукъавита а, цунна «изоляцехь Iан аьтто бар а».

Карарчу ханна Оьрсийчохь ун хьакхаделла хаавелла 147 стаг. Ткъа карантинехь ву 18 эзар вахархо. Изоляцин хьелаш ца лардинчарна 5 шаре кхаччалц набахти кхачор ю, дIахьедина Москварчу Iедало. ЦIенойн учашкахь а, арахь а лаьттачу видеркамерийн гIоьнца шахьарарчу полицино хIинцале Iораваьккхина 200 карантинан низам талхийна стаг – чуьра нехаш дIакхийса я юург эца туьканашка лелла уьш.

Коронавирусах цомгуш хилларш тIеоьцунйолу дарбан хIусам ян йолийна Москвана гена доццуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG