ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коронавирусах ларвала муха цIанъян еза телефон



Коронавирус ю вайна юкъахь лелаш. Тера дац иза юхайолуш хиларх. Цу цамгарх ларваларан уггар гIолечу кепех цхьаъ ю – куьйгаш дилар а, уьш юьхьтIе ца кхийдор а.

Кхин цхьа дан дезарг ду пIелгийн юьхьигаш микробех ларъяр: шен телефонна дезинфекци яр. Цамгарш яржарна а, уьш ца йовлуьйту агӀо лелорна а терго ечу Американ центро чIагIдарехь, телефон ю уггар дукха тIе куьйгаш Iуьтту хIума. Ткъа иза телефон хила мега вирус дIасалург бохург ду.

Дикка телефон цIанъян ма моьтту атта дац: цIанъян еза тайпа-тайпана чутIаьхьна а, хоттаелла а меттигаш а, куьзга а, ларъян тIехула йоьллина ботт а.

  1. ХIун дан мегар дац

Муьлххачу а тIуналло йохо мега телефон. Apple компанино хьоьха тайп-тайпана спрейш а, тIех чIогIа хIуманаш цIанйон тIуналлаш а лело мегар ца хилар.

  1. ХIун дан деза

Телефон цIанйеш лело дика ю, 70% изопропил олучу спиртца яшийна кIеда салфетка. Apple хьоьху дезинфекци йон тIуьнан салфеткаш лелор.

Цамгарш яржарна а, уьш ца йовлуьйту агӀо лелорна а терго ечу Американ центро билгалдоккху цу Iалашонна Iалам лардаран агенталло лело магийна йолу дезинфекци йон коьчаллаш лелийча дика хирг хилар.

Говзанчаша хьоьху телефон цIанйеш куьйга цкъа бен ца леладо каранаш дохка дезаш а, ткъа телефон цIанйинчул тIаьхьа куьйгаш дика дила дезаш а хилар.

Вон хир дац жимма дахаран кеп хийцар. Масала, AT&T Американ телекоммуникацийн компанино хьехар дина, сурташ вовшашна гайта телефон кар-кара лучу метта уьш мессенджершкахула дIасадахьийта аьлла. Оццу компанино хьехар до ладугӀургаш а, ткъа иштта Bluetooth зIе а лелор гIоле хилар, телефон юьхьана мелла а генахь латтор Iалашонца.

ХIунда цIанъян еза телефон?

Телефонна дезйинфекци яр уггар коьрта гIуллакх хила а мега хIораммо а вайх оцу дийнахь деш долучерах. Коронавирус дукха сиха яьржаш ю. Говзанчаш цунна тIаьхьа ца кхуьу.

Цундела Цамгарш яржарна а, уьш ца йовлийту агӀо лелорна а терго ечу Американ центрна цкъачунна ца хаьа, коронавирусан арахь яха ницкъ болу хан мел ю. Хетарг ду уьш дийна юьсуш хилар "маситта сохьтехь я масийтта динахь".

Телефон боьха хIума ю. 2017-чу шарахь Germs журналехь арахецначу талламан авторшна вуно дукха бактереш а, вирусаш а, патагенаш олу микробаш а карийна кхиазхойн 27 телефонехь. Iилманчашна хета боьха телефонаш лелоро аьтто бийр бу аьлла, адамашна юкъахь цамгарш яржарна.

Ларвалар гIоле ду, тIаьхьо ларвелла велира со, бохучул.

Ниренберг Амелиа, New York Times

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG