ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

СКФО кийча ю коронавирусна дуьхьал яла



Материал кечйинарг Волкова Алиса ("Кавказ.Реалии")

Къилбаседа Кавказерчу Федералан Гонашка кхаьчна яц коронавирусан эпидеми. Оьрсийчоьнан регионашлахь иза цхьа меттиг бу ун даьлла стаг воцуш. ХIетте а регионашкахь беш кечамаш бу, нагахь санна COVID-19 шайна чу кхачахь а бохуш.

Къилба ХIирийчоь

Карарчу беттан 18-чохь дуьйнна Къилба ХIирийчоьно шаьш кийча ду аьлла, дIахьедина, нагахь санна вирусан ун чукхачахь. Мехкан куьйгалхочо Битаров Вячеслава тIедилларца, "коронавирусан ун даьржинчу меттигашкара цIа оьхучу бахархоша" Iедалхошка дIахаийта деза, шаьш муьлхачу пачхьалкхера цIа даьхкина. Ишта нахах ларбалархьама карантине баха а беза уьш.

ДIакъевлина ХIирийчохь массо а театраш а, музейш а, библиотекаш а. Оьздангаллин министраллана чуйогIучу хьукматийн белхахошка цIера болх бе аьлла. Хенал а хьалха бIаьстенан мукъаденошна дIахецна дешархой а. Лаккхарчу доьшийлашкара студенташ дистанцин дешар тIе баьхна.

Эпидемиологин а, гигиенан а Центро хаамбира де хьалха, хIара бутт карабеачхьана кхечу пачхьалкхашкара цIа веанчу Къилба ХIирийчоьнан 300 вахархочун могушалла зийна шаьш аьлла.

ГIебарта-Балкхаройчоь

ХIирийчохь а санна, ГIебарта-Балкхаройчоьнан Iедалхой а кийча бу муьлххачу а хьолана. Цара Iорадаьккхинчу документан чулацам богIуш бу луларчу республикан дIахьедарца. Iедалхойн дехкаршца, еаридийнахь дуьйнна республикехь могуьйтуш дац спортан а, културан а, я кхечу белхашца боьзна а барамаш хIиттон. Ишта шайн бахархошна дихкина ду Оьрсийчоьнал а арахьа йолчу пачхьалкхашка леста а.

Цул совнах, коронавирусан ун даьлла хила тарло аьлла хеташ, 60 стаг ву карантине охьавиллина ГIебарта-Балкхаройчохь. Шайн лаамехь йитина берийн бошмаш а, школаш а. Цхьа могIа дарбан хIусамаш дIакъевлина, лазаршца нах хилахь, уьш охьабахка меттиг хилийтархьама. Цхьахйолчу дарбан цIийнехь госпитал схьаелла кечамаш беш бу.

Кхарачойн Чергазийчоь

Кху беттан 16-хь дуьйнна дIатеттина Кхарачайн Чергазийчохь нах вовшах а бетташ, дIабахьа билгалбаьхна барамаш. 50 стагал а сов нах вовшахтуху барамаш бу буьйцурш. Еаридийнахь дуьйна Черкесскехь болхбан йолаелла къаношна гIо дан Iалашонца вовшахтоьхна волонтерийн юкъаралла. Баккхийчу нахана юур-мерг, молханаш оьцуш, уьш царна хIусамашка дIакхачор йолуш ю кегийрхоша.

Нохчийчоь

Дахначу кIиранах забарш йора Нохчийчохь, коронавирусна уггар а дика дарба ду - саьрмасекх бохуш. Делахь а, хIинца молханаш эца йолаелла республика а. 200 миллион сом ду оцу хьашташна аьлла, арадаьккхина.
Цул совнах, махкарчу дарбан хIусамашкахь 1800 маьнга бу кечбина, нагахь санна, цIеххьана цомгуш нах бовлахь а аьлла.

Официалан хаамашца, кхечу пачхьалкхашкара юхавеана республикехь лоьраша тергоне эцна 25 вахархо ву. Церан анализаш хIинца а кийча яц. Царех 18 могуш ву аьлла, тIечIагIдина.

ГIалгIайчоь

ГIалгIайчоь Оьрсийчоьнна юкъаяхна 250 шо кхачарца доьзна республикехь дIабахьа вовшахтоьхна барамаш а дIатеттина. Бакъду, интеллектуалан викторина дIаяхьа ларийра ГIалгIайчохь. Карабулакерчу кегийрхойн кхеташонан "Коронавирус" тобано хьалхара меттиг баьккхира цу къовсамехь.

Стигалкъеъа-беттан 1-чу дийне кхаччалц юкъахбаьхна културан а, спортан а, кхинболу а барамаш. Кхааридийнахь дуьйнна совцийна болх бечуьра спортан объекташ, карантинна дIа а къовлуш. Цкъачунна карара бутт баллалц аьлла, дIакъевлина уьш. Цул тIаьхьа республикерчу хьоле хьаьжжина хьесап дийр ду. ГIалгIайчохь карантинехь 3 стаг бен вац. Царех цхьаъ могуш ву аьлла, маьрша витина.

Дагестан

Дагестанан куьйгалхочо Васильев Владимира лаккхара кийча хиларан раж дIакхайкхийна шайн республикехь. Меттигерчу Iедалхойн органашка дIахьедина, пачхьалкхера а, муниципалера а бахархошна оьшу хьашташ электронан кепехь дIакхачаде аьлла. Хьукматийн а, урхаллийн а куьйгалхошна тIедиллина, хIора денна белхан меттигашкахь дезинфекци е аьлла. Нах гуллучу меттигашкахь болх бен долара компанеш а, бизнесхой а декхаре бина, шаьш болх бечу меттигашкахь цIано латтон. ГIишлона чувуллучохь куьйгаш дила а, дезинфекци ян а, хIаваъ цIена латтон а таронаш хилийта аьлла. Антимонополан урхаллана тIехь ду, аптекашкахь юхкучу масканинй мехашна тIехь терго латтор.

Кхарачойн Чергазийчохь а санна, Дагестанехь а штаб схьайиллина баккхийчу нахана гIо латтон. Кху деношкахь хийцина Дагестанерчу "Роспотребнадзоран" куьйгалхо. Коьрта санитаран лор хIоьттина, Саратовн кIоштахь "Роспотребнадзоран" урхаллехь лаьттина Павлов Николай. Иза хIотторца тарло республикехь инфекци ца яржийта цхьа кхин некъаш тIеэца а.

Республикерчу юьртбахаман министран информацица, махкахь баттана даъал бен дац дама. Ткъа охьадиллина латтон меттиг ца хиларна, дуган къоьлла ю. ХIетте а, Васильевс тIедиллина, кхечу регионашкара оьцур ду аьлла ца Iаш, шортта чохь дуга хилийта аьлла. Ткъа хууш дац, муха кхочушдийр ду цуьнан омра.

Ставрополь

Пхи лабаратори ю Ставрополан кIоштахь коронавирусан ун толлуш, схьайиллина. Ставрополехь а, Пятигорскехь а, Буденновскехь а куп тоьхна цара. Официалехь динчу дIахьедарца, цхьана дийнахь 400 тест зен йиш ю церан. Кийча бу Iедалхой цомгашнаш охьабахка а. 1500 маьнга бу кечбина.

Кхаа кIиранна дIатеттина Ставрополан кIоштахь спортан а, културан а, театралан а барамаш а. Ишта дихкина 50 сов стаг цхьанакхеташ, гуллдаларш а. 83 стеган могушаллех хьовсуш бу лоьраш.

Еаридийнахь дуьххьара коронавирусан шеко хааелира цхьана стагца. Дарбан хIусамехь карантине охьавиллина иза а.

ТIедогIучу оршотдийнахь юьйлалуш ю Ставрополан кIоштахь кхаа кIиран дешархойн бIаьстенан каникулаш. Оццу ханна дIакъовлуш ю берийн бошмаш. Университеташ а, институташ а дистанцин дешаран формате яьхна. Цхьана а кепара барамаш вовшахбеттар а магийна дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG