ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхарачой-Чергазийчохь баттана лахдеш ду маьждигашка лелар


ТIебогIучу беттан 20-чу дийне кхаччалц маьждигашка лелар лахдина бахархошна, ткъа иммунитет ледара йолчу баккхийчарна хьоьху Далла Iамал цкъачунна шайн цIахь яр, хаамбо obzor.io портало.

Документ арахецначу Кхарачой-Чергазийчоьнан имама Бердиев ИсмаьIала шен хьехам бузу коронавирус яьржаш хиларца а, мехкан Iедало адам дукха гуллуш болу барамаш боьхкуш арахецначу омрица а.

Оцу кепара дехкарш дина луларчу Ставропол-махкахь а. Цигахь яцйина маьждигашкахь ламаз ден хенаш, паргггIат воьдийла дац Делан хIусамашка.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG