Коронавирусах халкъ Iалашдарх лаьцна къамел деш, Пачхьалкхан Думерчу Йозушйоцчу Пачхьалкхийн Цхьаьнакхетараллин (СНГ) гIуллакхашкахула йолчу кхеташонан куьйгалхочо Затулин Константина Оьрсийчоь декхаре ю аьлла шаьш-шайггара маьрша евллачу "пачхьалкхашна", Абхазина а, Къилба ХIирийчоьнна а коронавирусна дуьхьаллатта аьтто бан.
"ХIинца вай Оьрсийчоьнан Федерацин бахархойн гIагIабеш Iаьчу юкъанна хьахо беза дозанал арахьа болу вешан нах а. Уггаре хьалха – Абхази а, Къилба ХIирийчоь а. Оцу мехкийн суверенитет уггаре хьалха къобалйинарш вай ду, вай коронавирусна дуьхьалхIитта а дан деза царна гIо, эшна меттиг ягIахь. Оьрсийчоь бен яц царна орцахъяла. Иштта, вай тергоне эца еза Донецкан а, Луганскан а Республикаш. Царна тIе тидам берзо беза Оьрсийчоьнан могашаллин министралло, хIинцале иза данза делахь», - аьлла Затулина.
Абхазехь а, Къилба ХIирийчохь а цкъачунна стагга а вац коронавирус кхетта хаавелла.