ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь зудчуьнга нах шена къинтIера бахийтина, махка коронавирус кхаьчна аьлла, эладита даржорна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Нохчийчуьрчу Джабаева Залинас «Грозный» телеканалехула шена къинтIера бовлар дехна нахе, Аьрга-Хишкара (Серноводск) дарбан хIусамехь коравирус кхетта адамаш ду, аьлла, хаам баржорна.

Цо ша яржийначу аудио чохь боху, Соьлжа-ГIаларчу аэропортехь тест эцна Германера цIаеъначу зудчуьнгара, цуьнца коронавирус карийна. Иза бахьана долуш, и чуйиллина дарбан цIа дIакъевлина Iедало, бохуш юьйцу зудчо Аьрга-Хишкара дарбан хIусам.

Шена и хаам маршрутан такси чохь хезнера, цундела баржийра ша иза ватсапехула, боху Джабаевас телеканалан сюжетехь. Зудчун вашас нахе къинтIера бовлар доьху шен «йишас, ойла а ца еш, даржийначунна».

Оьрсийчоьнан хьашташ тергалдечу Роспотребнадзоран Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхочо Термулаева Ритас хаийтина, дозанал арахьара махка цIавеъча, карантине хьажийна 110 стаг воцург, республикехь вирусца бозуш цхьа а битам боцийла. Ткъа оцу карантине хьажийначу нахах ун хькхаделла ала дац цкъачунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG