ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь йо уггаре йорах гIишлош


Къилбаседа Кавказан республикашкахь ечу гIишлойн мах массанхьачул а лахара бу, хаамбо ТАСС агенталло.

Квадрат-метрах ГIалгIайчохь доьху 28 эзар 800 сом, Нохчийчохь – 29 эзар 700 сом, Гебарта-Балкхаройчохь – 30 эзар 200 сом.

Оьрсийчохь ечу гIишлойн юккъера мах тIаьххьарчу шина шера чохь 23% гергга лакхабаьлла, кхаьчна 80 эзар 800 соьме.

Агенталло бахарехь, массанхьачул а яккхий, паргIат ю Къилбаседа Кавказехь ен хIусамаш. Петаран юккъера барам бу ГIалгIайчохь 90 квадрат-метр, Нохчийчохь – 72 метр. Ткъа уггар кегий петарш йо Ленинград-махкахь а – 40 метр ца кхоччуш, Адыгейхь а – 39 квадрат-метр.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG