ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дозанал арахьа биса мегаш бу кхечу пачхьалкхашкахь болу Американ махкахой


Американ Пачхьалкхан Департаментан секретарь Помпео Майк
Американ Пачхьалкхан Департаментан секретарь Помпео Майк

Дозанал арахьа болу берриг а Американ махкахой сихха цIаберза беза, еххачу хенахь иза дан аьтто боцуш биса мегаш бу уьш


Американ Пачхьалкхан Департаменто уггар лакхарчу тIегIанехь варе бина Цхьаьнатоьхначу Штатийн махкахой коронавирусан пандоми хиларна кхечу пачхьалкхашка даха мегар дац аьлла, хаам бо Американ аз" зорбан гIирсо.

«Американ махкахой сихонца цIаберза беза, арабовла аьттонаш бисинчу пачхьалкхашкара. Дозанал арахьа болу, амма цигара цIабахка ца лууш болу Американ махкахой кийча хила беза цигахь биса билгалъяккхина йоцчу ханна. Дозанал арахьа беха Американ махкахой кхечу пачхьалкхашкахула дIаса ца лелаш совца беза", - аьлла ду Пачхьалкхан Департаменто Твиттерехь бинчу хаамехь.

Цу хеннахь Американ Калифорния штатан губернатора Гэвин Ньюсома омра делла верриг 40 миллион штатан вахархочун шайн хIусамашкара ара ма довла, дукха даккхийн гIуллакхаш шайн дацахь аьлла. Цуьнан Iалашо ю штатан медицинан системина тIех ницкъ бийр болу коронавирус яржар сацор.

"Хьал хIоьттина хала сацамаш бан безаш йолу. Вай кхета деза долуш долчух", - дIахьедар дина Ньюсома.

Губернатора дийцарехь, и дехкарш дина билгаляьккхина йоцчу ханна. Калифорния штатан бахархойн бакъо ю буьйлабала а, дегI меттахдаккха а, ткъа иштта дахарна оьшу сурсаташ эца а арабовла.

Американ фармацевташ хаам бина хорша ярна дуьхьал дукха хенахь дуьйна лелош долу гидроксихлорохин молха эцар алсамдаьлла даьлла хидар. Еарин дийнахь оцу молханах кхиамца пайда эцна коронавирус кхеттачу нахана дарба деш аьлла, хьахийнера президента Трамп Доналда. И бахьана долуш гидроксихлорохин тоьаш дац Американ аптекашкахь.

Цунах сихха массаьрна а кхачо ян аьтто бу вай, аьллера Трампа КIайн ЦIийнехь хиллачу шен зорбан конференцехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG