ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Тхан дан хIума дац". Кхечу пачхьалкхашкара цIа бахка аьтто бац туристийн


Артиклан автор ву "Настоящее Время" телеканалан корреспондент Гребенюк Иван

Мел лахара а 15 пачхьалкхехь эзар украинхойн туристаш бу шайн даймахка кхача аьтто боцуш, карантинна тIехула тоьхна дозанаш бахьана долуш. Цхьаццанхьа дозанаш дIакъевлина, цхьайолчу пачхьалкхашка лела кеманаш совцийна. "Настоящее Время" телеканалан корреспонденто дуьйцу церан исторех.

Украинерчу туристан Дехтярев Виталийн Фейсбукерчу агIонех тревел-блогеран аккаунт хилла. Иза а, цуьнан 5 доттагI а Норвегерчу Альта гIаличохь висина. "Тхан накъосташа чохь хан яккха хIусам елла тхоьга. Тхуна луъург дина норгаша. Кхин некъ бац тхуна бисина. Цхьана хааме хьоьжуш, кхузахь хан яккха дезаш ду тхо. Дуьйладелла лела тхо гIали юккхехула. Ши метар ло ду кхузахь диллина. Шийла ю", - боху Дехтяревс.

Карарчу беттан 15-чу дийнахь Украине юхабахка безаш бара уьш. Ца кхиира. Литвас а, цунна тIаьххье Украинас а дозанаш дIакъевлира, кеманаш а совцош.

"Цкъачунна кхузахь Iийр ду тхо. Маьхза хIусам а ю тхуна елла. Цхьана кIиранна тхайна юург эцна, охьайиллина оха", - бохуш, дуьйцу цо.

Виталий саннарш доллу дуьненахь эзар ву. Шри-Ланка схьаоьцур вай. Уураинерчу президенте Зеленский Владимире видеокхайкхам бина цара. Церан рейс а юкъахъяьккхина.

"Оха дехар до хьоьга, тхо цIа дигахьара ахь. Коломбон аэропортехь дитина тхо тахана, верриг а 105 стаг ву тхо. Тхайн кемана тIе ца дитина тхо", - аьлла Шри-Ланкехь йисинчу цхьана зудчо.

Цу кепара ситуаци ю Мисарахь а. Посолан Микитенко Евгенийн информацица, оцу пачхьалкхехь ву 15 эзар украинхойн турист. Мисарара цIа ван ларийра 14 эзар вахархо. Мисарас тахана дуьйнна дIасовцийна кеманаш.

"15 пачхьалкхехь бисина тхан бахархой. Цу тIе, кхин а чаташ схьайоьллу оха, нахаца уьйр латтон. Цхьаболчара цIа кхача некъаш лоьху. Цхьаммо шен ситуаци юьйцу, ишта уьйр ю-кх вовшашца латтош", - боху Зелинская Марияс.

Карантин бахьанехь тоьхначу дозанашна тIехула Украине цIа бахка ца луш бисинчу шайн бахархошна гIоьнна кхоьллинчу телеграм-каналан администратор ю Мария. Церан канале язвелла хIинцале а 3, 5 эзар стаг. Туркойчохь бу цхьаберш, вуьйжаш Европехь. Ткъа ша Мария Оьрсийчохь ю.

"Оьрсийн дозанехь гIашлойн дехьабовлийла ду, ткъа Украинан дозанера со дIасалела гIашлойн некъ къевлина бу", - боху зудчо.

Дозанаш кестолгIа схьадоьллур ду олийла дац, амма туристаш цIаберзон хьовсур бу. Дозанал а арахьа биссинчу украинхойн бахархошна жоьпаш луш ву пачхьалкхан президент Зеленский Владимир ша.

"Оха шу массо а цIадерзор ду. Цхьаберш цIа балон сиха ка йолу, цхьаболчаьраца жимма хьем хир бу. Амма шу дерриш а даймахка кхачор ду", - аьлла, дIахьедина Зеленскийс.

"ДоттагI" цIе а тиллина, сервис кхоьллина арахь биссинчарна аьлла пачхьалкхо. Сервисан агIонехь хIораммо а хаийта деза, ша мича бахьанашца цIа ца кхачало. Церан информаци консулалле, я векалте дIакхачайо.

Украинан арахьарчу гIуллакхийн министро Кулеба Дмитрийс дош делла, эвакуаци яр доьхуш, орца мел дехначу бахархойх 90 процент нах даймахке кхачор бу шаьш лерина кеманаш а дахийтина аьлла. Цо бахарехь, оцу кеманийн мах жимма лакхара хир бу. Масала, Прагера Киеве доьдучу кеман билетан мах 79 евро бен бац. Ткъа спецрейсан мах - 150 евро хир бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG