ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхарачой-Чергазийчохь юьртда бехкево лаьттанашца хьарамло лелорна


Кхарачой-Чергазийчуьрчу «Дружба» юьртан администрацин куьйгалхочунна духьал, цо юьртан латтанашца хьарамло лелорна айдина бехктакхаман гIуллакх зийна бевлла талламчаш, боху "РБК-Кавказ" портало.

Юьртдас маьхаза меттигерчу бахархошна тIеяздина лаьттан ши дакъа – хIора а 1,2 эзар кв. метр. Кадастран мах бу церан 930 эзар сом. Цул тIаьхьа доьхкина и дерриг латта, ткъа схьаэцна ахча ца даьккхина юьртан администрацин дола.

Даржо лучу бакъонел совваларна юьртдена дуьхьал айдина дов кхачийна Прикубански кIоштан кхеле.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG