ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьненаюкъара могашаллин организаци: дуккха а молханаш ду кхуллуш коронавирусна дуьхьал


Дуьненаюкъара могашаллин организаци: дуккха а молханаш ду кхуллуш коронаврусна дуьхьал

20 гергга молха кхуллуш ду коронавирусан COVID-19 кепанна дуьхьал. Оцу тIехь къахьоьгу массех пачхьалкхерчу Iилманчаша. Оцу молханех цхьадерш цкъачунна зен долош бен дац, цундела даржаза ду шуьйра. Иштта ду Дуьненаюкъара могашаллин организацино дина дIахьедар.

Дарба кхуллуш болчу говзанчаша бахарехь, молха цомгушчарна тIехь зен а, иза дохка доло а оьшур йолу хан ю 18 батте кхоччуш.

Молха наханна тIехь зен долийна Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкарчу лоьраша кху кIиранах. И болх цара вуно сихбина схьабохьу, боху Дуьненаюкъара могашаллин организацино. Сихо ян аьтто баьлла Китайрчу а, кхечу пачхьалкхашкарчу а Iилманчаша шаьш IаIийна геном Америкерчу шайн коллегашка дIакхачор бахьана долуш.

The Wall Street Journal газето яздарехь, 20 эзар сов нах бу Британерчу hVIVO лабораторехь Iилманчаша кхуллуш долу молха шайна тIехь зейта кийча. Цкъачунна молха кхоьллина даьлла дацаре терра, экперименташ ечу муьрехь COVID-19 хьакхайолуьйтур яц зерашкахь дакъалаца резахиллачу адамех.

Амма талламаш дIахьош лоьраша пайдаоьцур бу коронавирусан дуккха а шерашкахь дуьйна яьржина лелачу ширачу кепах. Эзар стаг латтор ву вирус яьржинчу меттигехь. Зераш кхиамца чекхдевлла лорур ду нах ун ца кхеташ бисахь. Экспериментехь дакъалаьцначара дала кхайкхийна 3,5 эзар фунт (Оьрсийчоьнан соьмаца дуьстича – 300 эзар соьмал сов).

Оьрсийчоьно ша зуьйш ю боху 6 вакцина. ПIераскана могашаллин министралло дIахьедина, вирусан геном кхоччуш теллина шайн говзанча, аьлла. Оцо Iилманчашна аьтто бийр бу сихха дарба кхолла, боху министралло.

СОVID-19 дуьнентIехула яржа йолаелира Китайра. Таханенна Лаьтта тIехь цомгуш ву цунах 277 эзар стаг, велла 11 эзар. Кху беттан юьххьехь Итале дехьаелира даьржинчу уьнан центр. Цигахь 47 эзар стаг хилла цунах цомгуш. Велла Италехь коронавирусах 4000 вахархо – Китайхьчул 800 сов.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG