ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

12 вахархочунна коронавирус кхетта хилар гайтина Ставропол-махкахь тесташа


Ставропол-махкахь девнаш айдина карантинан хьелаш талхийначу наханна дуьхьал. Ишта хаам баржийна коронавирусна дуьхьалоечу махкан кхеташонан куьйгалхочун гIовса Скворцов Юрийс. И девнаш бехктакхаман ду, я административан ду, билгал ца даьккхина цо. Цкъачунна динчу зераша (тесташа) гайтарехь, COVID-19 ун гучудаьлла I2 ставрополхочуьнгахь.

Регионан могашаллин министралло, Ставрополехь коронавирус кхетта ву цхьа стаг, элира еарийдийнахь. «Коронавирус яьржинчу пачхьалкхера цIаеана» зуда ю бохура иза. Шен Инстраграм-агIонехь губернатора Владимиров Владимира хаийтира коронавирус кхеттарг лор юйла.

ТIаьхьо билгалделира, ун шех хьакхадаларна, дарбан цIийне йиллинарг мехкан могашаллин министраллерчу инфекцех бахархой Iалашбечу декъан белхахо Санникова Ирина хилар. Цул сов, университетан хьехархо а ю иза. Цо университетан куьйгалхойх хьулдина хилла деношкахь ша Испанера цIаеана юйла, парггIат балха лелла. Оцу бахьаница иза озийна жоьпе.

Полицино хIоттийначу документо бахарехь, кху беттан 6-9-чу деношкахь Санникова хилла Испанехь, цигара ша цIаеъча, низамо бохург а дина, карантинна цIахь ца сецна.

Университетехь оцу зудчунна гергахь нисвелла 13 дозанал арахьара студент а, кафедрин 11 белхахо а. ДIадахначу шинарийдийнахь йиллина Санникова дарбан хIусаме.

Карарчу муьрехь хьехархочуьнца контактехь мел хилла нах бу лоьраша зуьйш, яздо медицинан белхахошца юкъарлонехь долчу «Ставропол-мехкан Блокнот» газето. Цо дийцарехь, «цкъачунна цхьаьнненна а ца хаьа, муха схьагулбан беза шайн-шайн мехкашка каникулашна дIабахана студенташ» - уьш бу ХIиндойчуьра, ГIажарийчуьра, Иракъера, кхечу мехкашкара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG