ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кавказерчу базаршкахь бестийна хьонкин мах – коронавирусах пайдаоьцу цхьаболчу йохкархоша


Къилбаседа Кавказерчу базаршкахь цIеххьала хьалабаьлла биича коронавирус ца кхета бохуш халкъалахь буьйцучу хьонкин мах.

Соьлжа гIалахь оцу ораматан кийлан мах бу 200 сом, 3-4 де хьалха исс туьма доьхуш хиллехь а. Кхин а шозза сов доьху хьонкех БуьритIехь – 450 сом.

"Оха ца бестийна мах. ЛартIахь болчу мехах дIалора оха хьонка кIира хьалха а. Амма йохкархой са яккха арабевлла, ажиотажах пайда оьцуш, уьш бу коронавирусах ларло бохуш хьийзачу наханна мах а бестийнарш», - элира "Кавказ.Реалиига" Пригородан кIоштарчу Сунжа юьртарчу яхархочо.

БуьритIерачу базаршка доккхачу декъанна Сунжера а, Тарскера а, Дигорерчу Урсдонера а кхочу хьонка.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG