ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь кхо стаг коронавирус кхетта хилар бакъдина Iедало


Оьрсийчоьнан бахархойн хьашташ тергалдечу Роспотребнадзоро бечу хаамца, кхо стаг ву Къилбаседа Кавказехь коронавирусан ун кхетта: шиъ – ГIебарта-Балкхаройчохь а, цхьаъ – Ставропол-махкахь а.

ГIебарта-Балкхаройчуьрчу цхьана маьждиган имам а, цуьнан зуда а хилла цомгуш, дозанал арахьара цIабаьхкича. Ставрополехь ун кхеттарг ю Испане садаIа а яхана, цигара юхаеана лор.

Роспотребнадзоро хоуьйту Оьрсийчохь тIаьххьарчу дийнахь-буса 53 стаганна коронавирус кхетарх лаьцна, 18 регионера бу и нах.

Таханенна 306 стаг ву Оьрсийчохь ун хьакхаделла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG