ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Президент хоржуш ю Абхази


Тахана президентан харжамашкахь ю Абхази. Харжамийн 35 гонехь ю 152 кхаж тосу чоь. Кхин а ши чоь йиллина Оьрсийчоьнан территори тIехь – Москвахь а, Черкесскехь а.

ДIаболийна харжамаш Iуьйранна 8 сахьт даьлча, лаьттар бу 12 сахьтехь, сарахь 8 сахьт даллалц.

Кхо кандидат ву харжамхойн бюллетенаш тIехь: экономикан министр Ардзинба Адгур а, оппозицин лидер Бжания Аслан а, чоьхьарчу гIуллакхийн министр Iийна Дзапшба Леонид а.

Харжамаш кхочушхилла лорур бу махкарчу берриг а харжамхойх ах нах кхаьжнаш таса багIахь. Хьалхарчу гонехь тоьлла ларалуш ву харжамашкахь дакъалаьцначу наха 50%+1 кхаьжнаш белларг. Харжамхойн терахь ду махкахь 128 эзар.

Коронавирусо айбина кхерам бац кхозуш харжамашна тIехь. Бакъо ло вахархочунна кхожа тIе билгало шегарчу ручканца йилла, латтадо кхожан чоьнаш чохь куьйгашна туху антисептик.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG