Оьрсийчоьнан хьаннийн урхалло (Рослесхоз) шен пресс-векалтехула хаам баржийна, 15 регионехь хьаннех цIеяларна кхерам бу, аьлла, яздо Оьрсийчуьрчу прессехь.
Кхерамна кIел ю йолчу регионашлахь ю Къилбаседа Кавказ а.
Лаьмнашкарчу хьаннийн тергояр, уьш яла тарлучу цIарах хьалхаяхар а хьоьхуш, орцан омра кхайкхийна пачхьалкхан хаьннийн урхалло 15 махкахь. Царалахь ю ГIалгIайчоь а, ГIалмакхойчоь а, ГIебарта-Балкхаройчоь а, Нохчийчоь а, Къилбаседа ХIирийчоь а, Кхарачой-Чергазийчоь а, Ростов-мохк а.
Рослесхозан куьйгалхочун гIовса Клинов Михаила тIехIоьттина кхерам бузу хьалха хилла доцчу кепехь довха Iа латтарца а, карарчу хенахь йочанийн якъо хIотта тарлуш хиларца а. Цхьаццайолчу регионашкахь цIераш йийла юьйлалур ю тIебогIучу баттахь, аьлла ю Клиновн прогноз.