ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн яздархо, журналист Хасаров ШаIрани кхелхина


Нохчийн яздархо, хьехархо, журналист Хасаров ШаIрани кхелхина карарчу беттан 22-чу дийнахь. 1953-чу шарахь дуьненчу ваьлла ШаIрани
Веданан кIоштарчу Дишни-Веданахь вехаш вара. Юккъера школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа Ламанан юьртабахаман институт чекхъяьккхира Хасаровс. Дишни-Веданарчу лоьмар 2 йолчу школехь хьехархочун болх бина цо. Ишта къахьегна кIоштахь арахоьцучу "Керла дахар" газетехь а.

Жимчохь дуьйна волавеллера ШаIрани стихаш язъян. Дукха байташ ю цуьнан берашна аьлла, язйина а. 1991-чу шарахь дуьххьара а, тIаьххьара яра цуьнан зорбане яьлла "Дашо хьоза" цIе йолу берашна лерина поэмаш а, балладаш а, туьйранаш а юкъахь долу киншка.

Оьрсийчоьнан а, Нохчийчоьнан а яздархойн Союзан декъашхо а лаьттира Хасаров ШаIрани. Ишта "Веданан муниципалан сийдолу вахархо" аьлла, цIе лелош а вара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG