ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Думан депутато Делимханов Адама гIо доьху инстаграмехь "шайтIа" лохуш


Думан депутат Делимханов Адам

Социалан машанехь нохчийн куьйгалхочун Кадыров Рамзанан а, шен а, шайн накъостийн а цIарах аккаунташ схьа а йиллина, зудаберашка совнах мел дерг язден стаг лохуш гIо дехна Оьрсийчоьнан пачхьалкхан Думан депутато Делимханов Адама. Нохчийн маттахь кхайкхамбеш Делимхановс дIаязйина видео za__delimkhanov95 аккаунтан агIоне хIоттийна ши де хьалха.

"Инстаграмехь цхьа шайтIа ду, вайн паччахьан Кадыров Рамзанан а, сан а, администрацин урхалхочун ИбрахIиман (Закриев) а, вежарийн а цIарах мехкаршка а, зударшка а директе осала мел дерг яздеш. Дала мукъалахь, и шайтIа схьа а карор ду, вайна хьалха дIа а хIоттор ду.
Бутт бу оха и лоьху. Дехар до шуьга, жимма а шайн шеко елахь, тхуна накъосталла дахьара аш, и шайтIа схьалохуш а, карош а. Социалан машанашкахь ледара, осала хIуманаш мел яздечаьрга дIабоху, шаьш лелочух жоп дала дезар ду шун. Ахмат Сила! АллахIу Акбар", - аьлла, дерзийна шен къамел Делимханов Адама.

Маршо Радионо яздира, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана социалан машанашкарчу нахе кхайкхам баржорах, мессенджерашкахула элидатанаш даржош болу бахархой бовзийта, аьлла.

"Даьхна ма-хиллара дIадехаш ду вай. Хуучо язде соьга, хIун нах бу эладитанаш даржош. Ас луьстур ду цаьрца дерг». Ишта ду "Чечня Сегодня" портало далийна Кадыровн дешнаш.


Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG