ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу базарашкахь а, туьканашкахь а мехаш дестар толлуш ду


Федералан антимонополан а, Роспотребнадзоран а говзанчашца цхьана Нохчийчоьнан прокуратурано талламаш дIахьош бу, махкахь сурсатийн мехаш тIетоьхний хьовсуш. Республикан урхалхочо Кадыров Рамзана тIедилларца болийна Нохчийчуьрчу базарашкахь а, туьканашкахь а талламан барамаш. Прокуратуран пресс-гIуллакххоша дIахьедарца, "Беркат" базаран дозан тIехь динчу зерашца, мехаш хьаладьахна меттиг хаабелла бац.

"Цу кепара рейдаш дIахьош ю кIошташкахь а. Нагахь санна, базарахь, туьканахь эшамбина аьлла хетачу бахархойн таро ю прокуратуре хаам дIакхачо, шаьш зуьйр ду", - аьлла Нохчийчуьрчу прокуратуро бинчу хаам тIехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG