ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Яхначу буса Оьрсийчохь коронавирусан ун даьлла 71 вахархочунна


ТIаьххьарчу цхьана дийнахь а, буса а Оьрсийчохь коронавирусан ун даьлла аьлла, билгалваьккхина 71 вахархо. Уьш берш Москвара бу. Роспотребнадзоро яздарца,тIаьххьарчу шина кIиранчохь коронавирусан эпидеми яьржинчу пачхьалкхара цIа баьхкина бу уьш.

Верриг а ОьрсийчохьCOVID-19 хьакахелла ву 438 стаг.
Москвахь гIоле хилла цхьанна.

Лазар даьржичхьана 17 вахархо ву дарбан хIусамера араваьккхина. Царех 14 Оьрсийчуьра ву, 2 Китайн вахархо, 1 Италера.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG