ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Курхаллаш лелийна ву аьлла, "Чермен" постехь лаьцна ГIалгIайчуьра вахархо


Къилба ХIирийчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а юкъарчу "Чермен" постехь 29 шо долу ГIалгIайчуьра вахархо лаьцна, курхаллаш лелийна ву аьлла, шеконаш кхоллаелла. Федералан лехамашкахь хилла иза.

Къилбаседа Кавказан федералан гонашкарчу оперативан тобан контролехь латтош ю "Чермен" пост аьлла, билгалдоккхуш, "Кавказ.Реалии" портале бина и хаам республикан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло.

Бутт хан хилла каравеанарг Iедалхойх лечкъаш лела. Чиллан-баттахь Москварчу кхело бехкзуламан гIуллакх диллина хилла цунна дуьхьал.

Пригородный кIоштан органаша луьстур ду кхин дIа лаьцначун гIуллакх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG